Урхалла дика дечу регионийн декъа язйина Нохчийчоь
2019-чу шарахь регионийн Iедалша дечу урхаллин эвсаралла лахъелла, хаамбо "Ведомости" газето, политикан, экономикан коммуникацийн Агенталлин талламна тIе а тевжаш (АПЭК).
85 пачхьалкхан субъектах 53-мма малбина болх, билгалдоккху "Коммерсант" газето а.
Урхалла дика дарца билгалъевлла регионаш:
Тюмен – 0,796 балл,
Калуга – 0,738
Белгород – 0,736
Ямал-Ненцойчоь – 0,720
Тула – 0,714
Нохчийчоь – 0,710
Ленинград-мохк – 0,707
Сахалин – 0,704
Москва – 0,704
Башкири – 0,691