Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Бераха йолчу зудчух бегашца "Приора" олу". Стенах духку Дагестанехь ненан капитал?

Ненан капиталах Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира аьлларг жигара дийцаредо социалан машанашкарчу Дагестанан пабликашкахь. Дуьххьара дуьненчу даьллачу берана тIера дуьйна капитал дала дагахь бу Iедалхой. 466 эзар сом хир бу цуьнан барам. Ткъа шолгIачу берана 150 эзар сом кхачор ду.  КхоалгIачу беро таро лур ю дена а, нанна а 450 эзар соьмаца ипотекан кредит дIакъовла.

Бакъду, дукха хьолахь Дагестанехь деллачу капиталах хIусам ца нисйо, я бере дешийта а ца хьовсу. Республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедарехь, ненан капиталца хьарамлонаш лелор даьржина махкахь.

Махачкалахь нах дIасалелачу меттигашкахь кехаташ ду летийна, шаьш капитал оьцур бохуш, дIакхайкхош. Ишта инстаграмехь а ю йиллина дукха аккаунташ, сертификаташ оьцур дара шаьш аьлла. 

Доккхачу декъанна, сертификатца хьарамонаш лелочу хенахь пайдаоьцу чу-ара ца баккхалун бахамах. Масала, лаккхарчу мехах петар оьцуш барт бо юкъахь. Сертификат юхкучун кара лург ду оцу ахчан цхьа дакъа. Оьцучунна бухадуьсу – 100-150 эзар сом. Цкъацкъа кхи а сов кхочу.

Ткъа дукха хьолахь стенна дойу наха ахча? Машенаш оьцу, нускалш даладо, пластикан операцеш йойту, кхи а масане хуьлу.

"Кавказ.Реалии" портало хаьттира масех Дагестанерчу зудчуьнга, шайн ненан капиталах хIу дира аша аьлла.

Патина, 42 шо:

– Ненан капитал дала долийча (2007 шо- ред), тхан доьзалехь диъ бер долуш дара. ЦIийндеца дага а яьлла, пхоьалгIа бер дуьненчу даккха бартхилира тхан, ахча луш а хилча. КIант дуьненчу велира тхан. Деллачу капиталах хIусамдена "Приора" машен ийцира. Юртахь дуккхаъчара изза ма до. Забарш еш, бераха болчу зударех "Приора" олу. И луш долу ахча бахьана долуш, тхан юьртахь дуккха а доьзалш бу, берашна юкъахь 10-15 шераш хенаш йолуш.

Альбина, 36 шо:

– Ас сайн мара тобайтира, цергаш нисйира. Доллу ахча ца дайира ас оцу гIуллакхашна. БIаьрга бан безаш ца хилла сайн мара дIанисбира ас. Майрачо яппарш йора, оьгIазвахна, шена мегаш бара и мара бохуш. Суна бен-башха дацара. Дисинчу ахчанах лелийна машен ийцира оха.

Марьям, 32 шо:

– Дукха ойланаш йира оха, цу ахчанах хIун дийр дара-те бохуш. Ипотека эцча хIун дара-те олий, ойла а хуьлура. Делахь а, тхо бусулбанаш ду, динехь банкера ахчанаш эцар хьарам лору. Дешарна хьажийча? Кхана хIу хир ду а ца хууш зама ю, хIокху хьелашкахь хиндолчун ойланаш яр лартIахь хIума дацара. Сертификат дIа а доьхкина, кхи а тхайн карахь хилла ахча тIетоьхна, петар ийцира оха. Тхан хIусам йолуш яра тхайна чохь Iен, цундела керла эцначу петарна мехах нах чубитина оха.

Сабина, 28 шо:

– Оха пайда хин болу агIо лелийра. Капитал дIа а доьхкина, цунах деллачу ахчанна тхаьш гулдинарг тIе а тоьхна, дерриг а 600 эзар сом дара иза, цIийнда гIалин цхьахйолчу дарбан хIусамерчу дикачу метте балха нисвира. Iаламат дика говзанча ву иза, ткъа тахана аьтто ца хуьлура тхан кхаъ ца луш, иза дIанисван. Лор-йиша балха оьцург а ма деза 300 эзар сом гергга ахча дала.

Меседо, 46 шо:

– Бакъдерг ала деза - ненан капитал бахьана долуш дуьненчу ца даьхна оха тхайн бераш. Делахь а, баркалла ала лаьа суна, и дала юкъадаккхарна. Сан 7 бер ду. 2008-чу шарахь дира ас тIаьххьара бер. Цул тIаьхьа шо даьлча кхелхира сан майра. Бераш кога-ирахIитто сан сайн дийзира. Капиталах делла ахча шина декъе дийкъира ас: цхьана декъах сайн воккхахволчу кIантана зуда ялийра, шолгIачу декъах сайн зудаберашца а, несаца а йохка юург кечъян хIусам нисйира ас.

Наида, 37 шо:

– Шина хIусамах лаьттачу петарчохь дехара тхо, Iаламат хала дара. Тхайна паргIат даха хIусам нисъян лаам бара тхан юьхьанца. Юха а цIийндеца бартхилла, цунна а, сайна а, доккхахдолчу берана а заьIапхой ду аьлла, пенси даккхийтира аса. Дукха деха ца ийцира оха ахча. Стохка гучу а даьлла, цIийндена догIу пенси сацийна. ХIинца кхоьруш Iаш ду тхо, Iедало хьийза ма дахьара бохуш. Цкъачунна суна а, сан кIантана а догIург хьадина дац цара.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Московский джазовый фестиваль завершился премьерой джазового спектакля Игоря Бутмана и Константина Хабенского "Петя и Волк"

Журналистке Кеворковой продлили содержание в СИЗО

МВД Германии: правительство создало отдел по борьбе с дезинформацией из-за рубежа

Новую экоинициативу по переработке чеков запустили в Подмосковье

Музыкальные новости

Социальные и ESG-проекты ГПМ Радио названы лучшими в России

Кинопродюсер.

Неблагодарный батька или о чем говорил президент Белоруссии с делегацией Азербайджана?

В Пулково задерживаются шесть рейсов

Новости России

Московский джазовый фестиваль завершился премьерой джазового спектакля Игоря Бутмана и Константина Хабенского "Петя и Волк"

Журналист Sota Кригер арестован по делу об участии в экстремистской организации

МВД Германии: правительство создало отдел по борьбе с дезинформацией из-за рубежа

После капремонта в Домодедове откроются две школы

Экология в России и мире

Smena SS-2024

Prada, коллекция menswear весна-лето 2025

Концертный директор для музыкантов. Концертный директор для певцов. Концертное агентство в Москве. Букинг агентство. Организация концертов и гастролей.

Волосы не выпадают, они стали гуще, а на лице разгладились морщины. Затрачивать можно 5 минут на массаж затылка, лба и головы

Спорт в России и мире

Теннисистка Самсонова вышла в финал турнира в Хертогенбосхе

Кирилл Скачков из Новокузнецка стал победителем Игр стран БРИКС-2024

Экс-теннисист Ольховский: россияне могут хорошо выступить на Уимблдоне

Теннисисты Рублев, Хачанов и Самсонова не сыграют на Олимпиаде-2024

Moscow.media

Hyundai привозит в Россию старый добрый седан по цене LADA Vesta

Выплаты в ОСАГО в I квартале этого года выросли существеннее, чем сборы

Башенный комплекс "Ний" (Ингушетия)

В Коми ввели штрафы за «склонение к абортам»







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *