Суицид яржочу нахах Путина «мрази и уроды» алар тайна Кадыровна
Суициде кегийрхой кхойкху тобанаш ю аьлча, ша ца тешара, бохура Путина деношкахь къамелдеш, иштачу нахах «мрази и уроды» а олуш. И зулам дIаса ца даржийта школашна кхерамзаллах лаьцна йолу Iаманташ арахеца еза, дешаран программе а яхка еза уьш, хьийхира президента.
Кадыровс шен телеграм-каналехь воккхаверца тIеэцна и къамел, «хаза кхаъ бу, тоьлла некъ бу», боху Путинна гинарг.
"ТIаьххьарчу шерашкахь ерриг а пачхьалкхехула даьржина бераша шаьш-шайн хIаллакдар. Куьйгаш а лоьций, чулелха лекхачу цIеношна тIера, дIовш молу, ирхъохкало. И проблема оха тоххара эцна тидаме, кегийрхошка, спортхошка, Iеламнахе, кхиболчу жигархошка болх бойту. Профилактика, кхетош-кхиор кхидIа а латтор ду», яздина Кадыровс.