«Динах боьхна» кегийнах «кхетийна» Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана
Министрца къамелдечу кхайкхина кегийнехан дай-наной а. Дов дечу барамехь дакъалаьцна Мартанарчу полицин буьйранчас Бацилов Валида а, кIоштан куьйгалхочо Абдурашидов Валида а, къедас Амерханов Iалус а.
Мехкан куьйгалхочо Кадыровс Нохчийчоь хазъярх, кхиорах, «нохчийн дин» кегийрхоша нийса кхето дезарх а лаьцна кхетош-кхиоран болх дIабаьхьина гулбеллачу хьаькамаша. Дай-наноша дош делла шайн берашца «болхбан», уьш «нийсачу новкъа баха».