Кадыровн фотоколлаж яржорна 25 вахархо лаьцна
"Кавказ.Реалиига" кхаьчначу хаамца, лецнарш бу Шелара (11 стаг – школехь доьшучу берашна тIера 62 шо долчу таксистан биста кхаччалц), Гаьрмачигара 4 (шиъ - школера дешархо, шиъ - 25-30 шераш долу бахархой), луларчу Курчалой-Эвлан кIоштара лаьцна 10 стаг.
Лецначаралахь бу интернетехула Кадыровн сурт дIасахьийсийнарш а, схьаэцнарш а.
Шеларчу полицин изоляторехь буьйсаяьккхина лецначара. Полисхоша ца хIиттийна шаьш дIахьочу барамехь лецначийн хьокъехь кехаташ. "Кавказ.Реалиига" бечу хаамца, етташ ю чубоьхкинчарна.