Францехь толамаш баьхна нохчаша
![Францехь толамаш баьхна нохчаша](https://gdb.rferl.org/f2eda27d-f311-46e5-9b6a-5c17ac763479_tv_w800_h450.jpg)
ДIадахначу шоьтан дийнахь латаран къийсдаларш дIадаьхьира Францерчу Марселехь. Цигахь вовшахкхеттера пачхьалкхан тайп-тайпанчу гIаланашкара тобанаш. Турнирехь дакъа лоцуш бара, оцу махкахь беха дуккха а нохчийн къона спортхой. «Францин къилба чемпионат» цIе йолчу турнирехь Ниццехь бехачу вайнехан спортхойх дуккхаъчара 1-ра меттигаш ехира. Марселехь дIаяхьначу турнирехь хиллачу Маршо Радион корреспонденто довзуьйту цигахь хилларг ма-дарра.