Нохчийн а, хIиндойн а режиссераша юкъахь яьккхина кино гойтур ю оьрсийн кинотеатрашкахь
Карарчу шеран Зазадоккху-баттахь ХIиндойчоьнан а, Нохчийчоьнан а кимематографаша юкъахь яьккхина кино гойтур ю оьрсийн кинотеатрашкахь аьлла, хаамбина ТАСС агенталле нохчийн режиссеро Терекбаев Беслана.
Маршо Радионо яздира, стохка ГIадужу-баттахь а Терекбаевс дIахьедарх, оццу шеран Лахьан-беттан 12-чохь прокате йоккхуш ю нохчийн а, хIиндойн а кинематогрфисташа юкъахь яьккхина "Тоьлла доттагIий" ("Лучшие друзья") кино аьлла.
Берашна лерина кино яккха буьйлабелла ши шо сов зама яра. Юьхьанца Нохчийчохь, цул тIаьхьа ХIиндойчу дехьабевлла йина кинон съемкаш.
Сюжет ишта ю: тайп-тайпанчу къаьмнашкара, динашкара кхо доттагI - оьрси а, нохчо а, хIиндо а ХIиндойчу дIакхочу, юкъахь тасаделла доттагIалла а, церан доьналла а бахьана долуш, новкъахь дуьхьалюьйлу халонаш а эшош.
"Стохка ГIуран-баттахь гайта езаш яра кино, амма Оьрсийчоьнан културан министраллан сацамца хьовсархойн таро хир ю филме хьовса Заздоккху-баттахь", - аьлла, билгалдаьккхина режиссеро.
Дийцарехь, кино гойтур ю Къилбаседа Кавказехь а, ГIезалойчохь а, Якутехь а, Бурятехь а. Оьрсийн, нохчийн, ингалсан, хIиндойн, Iарбойн меттанашкахь хьовса таро хир ю кинога.