Нохчий къинтIера баьхний Оьрсийчоьно?
![Нохчий къинтIера баьхний Оьрсийчоьно?](https://gdb.rferl.org/851ebd4b-bf74-438b-9452-f998e57d257e_tv_w800_h450.jpg)
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаам бира, нохчашка къинтIера бовлар дехна Кремло 1944-чу шарахь дерриг а къам, гIалгIашца цхьаьна, дохийна Сибрех а, Юккъерчу Азе а дIахьажорна аьлла. Амма шаьш хаттар динчу нохчашна дага ца догIу Оьрсийчоьнан Iедалша нисса дIа нохчашка къитIера бовлар дехна хилар, яздо Кавказ.Реалиино.