Къоладарна лаца кхайкхийна жимстаг каравеана полисхошна
Къоладарна лехамашкахь хилла жимстаг дIалаьцна полисхоша Нохчийчохь. КПП олучу постех дехьаволучу заманчохь цуьнан машенах хьовсуш гучуваьлла 32 шо долу жимстаг Нохчийчохь гIуллакх дечу Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн белхахошна. Соьлжа-гIалахь цо дина къола бахьанехь лоьхуш, амма хIинццалц кара ца вогIуш хиллера иза.
Лаьцнарг а, цуьнан хьокъехь вовшахтоьхна материал а Октябрскан кIоштан лоьмар 2 йолчу полицин декъе дIакхачийна гIуллакх кхи дIа таллийта.