Басаевн хилла тIемало кхеле хIоттийна
Талламчийн версица, 1999-чу шеран аьхка дIакхетта хилла кхеле хIоттийнарг гIаттамхойх. Оццу шеран гурахь тIелатар дина хилла цо шен накъосташца Шелковск кIоштарчу Червленнехь оьрсийн эскархошна. Тасадаларшкахь 15 салти вийнера, 28-нна кеп-кепара чевнаш хиллера.
Ишта, хьалхо оцу тIехула бехкебина, набахтешкахь хенаш токхуш ву 25 сов стаг. Федералан лехамашка велла кхин а масех.