Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Мемориал": Дукха тIехбевлла нохчийн Iедалхой. Москва юьхьIаьржа хIиттайо цара

Кху беттан 28-чохь Страсбургехь дийцина Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх. Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн (ПАСЕ) бакъонашкахула йолчу Комитетехь шайца Нохчийчохь лелийначу харцонех далхийна кхаа нохчочо.

ПАСЕ-хь бакъонашларъяран организацийн цIарах дакъалаьцна "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано" а, "Къизаллашна дуьхьало латторан Комитето" а, "Правовая инициатива", Humans Rights Watch организацеша а. "Мемориалан" кхеташонан куьйгалхо Орлов Олег вистхилла цигахь.

Тайп-тайпана ситуацеш хIуьттура Къилбаседа Кавказан республикашкахь дIадахначу шарахь, аьлла, долийна Комитетехь гулбеллачарна халха шен къамел Орловс: "Цхьаццайолчу меттигашкахь ка йолура тхан кхиамца гIуллакх дерзон. Амма Нохчийчохь аьтто ца болу. Цигахь дIахIоьттина тоталитаран режим ю, дуккхаъчу хIуманашна тIехь ситуаци кхи тIе а гIаддайна ю. Тоталитаран режим ю цигахь. Юкъараллан а, политикан а, экономикан а дахаран агIо шайн куьйгакIел йерзина ца Iаш, дин а, культура а, могIарерчу стеган дахар а цхьана Iедалхойн карахь ду".

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно а масийттазза массарна а хезаш, кхерамаш тийсира бакъонашларъярхошна а, журналисташна а, ишта критикаш ен нах совцабе, ца хуьлчу далахь, байа а мегар ду бохуш, кхайкхамаш бира цо, дагадаийтина Орловс.

Ур-атталла оцу регионехь шен коллегашна Iедал тIаьхьадаларх а дийцина Орловс: "Титиев Аюбна дуьхьал айдина гIуллакх а, "Къизаллашна дуьхьало латторан Комитетан" а, "Мемориалан" а белхахошна тIелатарш дар а, царна кхерамаш тийсар а. Оцу массо а хиламашна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш даьстира, амма талламбар сацадора - "бехкеболу нах схьакаро аьтто бац" олий.

Ишта Орловс дийцина, республикехь гейш лецарх а, федералан Iедало ян езза реакци ца ярх а. "Нохчийчоьнан цIарах пачхьалкхан Думехь депутат волчу Селимханов Мохьмада шен интервьюхь элира: "Нохчийчохь гейш бац… Суна хетарехь, ши метар даьккхинчу лаьтта бухахь бу церан меттиг" аьлла. Юьхьанца федералан Iедалхойн векалша чIагIонаш йора, талламан органашка цхьаммо а дина арз кхаьчна дац бохуш. ТIаьхьо Лапунов Максима латкъам бича, цхьана а кепара талламан барамаш ца бира, ца гIоьртира иза Iалашван а".

Ишта бакъонашларъярхочо хьахийна, йина кхел а йоцуш, гIаттамхойн декъехь бара уьш аьлла, вийначу 27 стагах а.

"Ши бIе гергга стаг лецира полисхоша хIетахь. Уьш берриш а "тIепаза байира", царна цхьанна а адвокат ца велира. Лецначех 27 стаг 2017-чу шеран Дечкен-беттан 26-чу буса вийра, лоьмар 2 йолчу Соьлжа-гIаларчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин полкана гергахь. И нах ницкъахойн карахь хиларх тоьшалла деш зорбане даьхна суьрташ дара. Оцу документаш тIехь "тоьпаш тоьхначийн тептарера" 27 стагах 26 волуш ву. "Мемориал" шеггара гIуллакх талла йолаелира. Тхан аьтто белира тIечIагIдан, оцу 27 стагах 25 тешашна а гуш, дIалецна хилар а, къайлабаьхна хилар а. Iедалхоша кхерамаш туьйсура байинчийн гергарчарна арз дан а, цунах дийца а".

Бакъду, цхьаболчу байначийн гергарчара, шайна кхерамаш туьйсуш лаьтташехь, Талламан комитете дIахьедира. Къилбаседанарчу федералан гонашкарчу талламчаша зераш долийра боху Орловс.

"2018-чу шеран Чиллан-баттахь бехкзуламан гIуллакх делла дуьхьало йира. Бинчу талламах 27 декъехь жамIаш тхайн караделча, тхуна къаьстира, кхачам боллуш гIуллакх теллина цахилар а, шога ледарлонаш йийлийтина хилар а, озабезамашца гIуллакхе хьежна хиллийла а. Нохчийн полисхойн дийцарш тIехь вовшахтоьхна жамIаш дара уьш. Кхелашка девлира тхо, бехкзуламан гIуллакх доло дуьхьалояр къовса дагахь. ХIетте а шаьш дина хьесап хийцаза дитира суьдхоша- Нохчийчуьра кхелаш яц ас юьйцурш", - аьлла, дийцина Орловс.

Ма-дарра аьлча, федералан структураш зуламашна юкъара ю-кх, аьлла хета бакъонашларъярхочунна.

Республикера хьал цхьана кепар хийцалур дуй-те Страсбургера дийцарш, ладегIарш бахьана долуш? "Кавказ.Реалиига" Орловс дIахьедарехь, ПАСЕ-на хетарг цхьана агIор ца тидича ер яц Оьрсийчоь.

- Страсбургехь къамелаш динчу нохчаша хIу дийцира?

- Масала, тоьпаш тоьхначийн тептарерчу 27-ннах цхьаннан нанас шен кIантах лаьцна дийцира. Иза билггал лачкъийна дIавигина, Соьлжа-гIаларчу къайлахчу набахтехь латтийра аьлла. Шена кхерамаш тийсарх а, шен кIантах хилларг хаа аьтто боцуш ша леларх а. Цхьана нохчочо дийцира, ша дIалацарх, шена тIехь къизаллаш лелорах, шен доьзал хьийзабарх. КхоалгIачо ша гейш бу аьлла, лечначарлахь вара бахара.

- Стенна тIехула дара ПАСЕ-хь уьш бистхилар?

- Тхаьш дан дезарг ду оха дийриг. Карарчу хенахь ПАСЕ-хь Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула керла векал ву хIоттийна - Швабе Франк. Нохчийчохь хилла иза, кхечу республикашка а кхача везаш ву. Цига ваха новкъавалале информаци гулъеш ву иза шена. Нохчийчохь бакъонашларъярхошкара а, бала хьегначаьргара а хIуммаъ а хаа йиш цахиларе терра, оха вовшахтоьхнера оцу гурашкахь и барам.

- Республикехь адамийн бакъонаш ларъеш цахиларх бинчу хаамех лаьцна нохчийн хьаькамийн цхьа маьIна долуш реакци хир ю бохург - бакъ дац. Хьуна хIун аьлла хета?

 - Нохчийн Iедалхоша даим а олу, шайн зуламех лаьцна мел дуьйцург бакъ дац олий. Цундела кхузахь цецвуьйлийла дац. ПАСЕ-н дIахьедарх царна хIу хетар ду аьлча, церан цхьа реакци хила тарло. ХIунда аьлча, факташ ма ю цу рапортехь ялийна. Массара а хIа-хIа, бакъ дац бохур ду. Факташ цхьа аьрта дIатоьттур ю цара.

- Ткъа федералан хьаькамийн реакци муха хир ю аьлла хета хьуна?

- Тоххара церан хиллачу реакцех бен дуьйцийла яц сан. Цу кепара рапорташ а, резолюцеш а объективе яц бохуш, дIахьедахь а, цхьана агIор бахьанаш ца лелийча бевр бац уьш. Нохчийчохь ца лелийнехь а, кхечу республикашкахь реакци хуьлура. ХIинца хьовсур ду-кх вай Нохчийчохь хIу олу а. Суна хетарехь, Кадыровн режимо юьхьIаьржа хIиттабо оьрсийн Iедалхой. Цхьана агIор, цхьаъ дан деза Iедало, хIоьттина режим  цхьана битаме а ялош. ХIунда аьлча, дукха тIехбевлла уьш.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Не стало вдовы Эльдара Рязанова — Эммы Абайдуллиной

В России начались продажи наушников Huawei FreeBuds 6i с шумоподавлением

«Вкусно — и точка» в Москве обязали выплатить клиенту «Макдоналдса» 908 тыс руб

Три спектакля о любви, которые можно посмотреть этим летом

Музыкальные новости

Российские флаги снова вывесили на матче Евро-2024 между Англией и Сербией

Иерей Александр Туховский: Очень нужна помощь!

«Волшебные башмачки Элли» - эта постановка создана по мотивам знаменитой сказки Александра Волкова «Волшебник Изумрудного города» - Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети

Группа Metallica даст виртуальный концерт в Fortnite 22 июня

Новости России

Прокуратура Подмосковья помогла обеспечить инвалида средствами реабилитации

В Раменском округе прошел фестиваль российской керамики «Синница-2024»

В России начались продажи наушников Huawei FreeBuds 6i с шумоподавлением

Как вернуть красивые ногти и мягкую кожу стоп?

Экология в России и мире

Зубные щетки Revyline Perfect DUO и зубная паста Organic Detox против кариеса в Назрани

Театр и Цирк, Культура и Концерт, Россия и Дети: «Волшебный платок бабушки Дари» - это захватывающее путешествие в мир бурятской сказки, которое не оставит равнодушным ни одного зрителя

Звезды оперной сцены представят I Международный фестиваль «Мир классического романса»!

Местные жители заполнили пляж, пытаясь выгнать оттуда туристов на популярном курорте: отдыхающие напомнили им, откуда они получают зарплату

Спорт в России и мире

«Надо чем-то жертвовать». Арина Соболенко отказалась ехать на Олимпиаду в Париже

Экс-теннисист Ольховский: россияне могут хорошо выступить на Уимблдоне

Самсонова обыграла Александрову и вышла в финал турнира WTA в Хертогенбосхе

Россиянка Людмила Самсонова выиграла турнир WTA в Хертогенбосе

Moscow.media

«ЯРКО» провела развлекательную программу на фестивале «Крутая песочница»

Бесплатный билет в музеи Зеленоградска от «ПАРАDOX» и BelkaCar

Как Россия уступила Азербайджану значительные территории Дагестана и два села

Росгвардейцы обеспечили охрану общественного порядка в День поселка Вербилки







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *