Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Оьрсийчоьнан 33 % бахархошна Путин политикера дIавала лаьа

2024-чу шарахь президент Путин Владимир я пенси вахана, я могIарера нах санна хила хьаьгна бу Оьрсийчуьра 33 процент нах. ХIора баттахь "Левада-центро" бечу талламийн жамIаш Iорадаьхна "Открытые медиа" редакцино. "Президентан хан чекхъяьлча, Путин Владимиран рол муха хила лаьара шуна?" аьллачу хаттарна жоьпаш лахьийна центро.


Бинчу хаттаман жамIех вистхилла "Левада-центран" директор Гудков Лев. ПутинI едалан коьртера дIавала луу нах оццул дукха бовларна ша цецваьлла аьлла, мукIарло дина цо.


Цунна хетарехь, гуш ду "адам гIелдалар" а, "2010-2011-чу а шерашкахь протесташ йолалучу хенахь хилла дог-ойла ситуацино дагатосуш хилар" а.


Делахь а, 2024-гIа шо чекхдаьлча а Оьрсийчоьнан президент Путин виса лууш болчийн терахь 27 процент ю. Ткъа 55% бу Путин цхьахйолчу урхаллан куьйгаллехь ган луурш. Билгалдаьхначу даржашлахь ду "Оьрсийчоьнан а, Беларусин а пачхьалкхийн Союзан президент", "премьер-министр", Единая Россия партин лидер", ишта "къоман официалан лидер", "Кхерамзаллан Кхеташонан секретарь".


Билгалдоккху, къаьсттина Путинехьа 55 шерел тIехбевлларш а, 18 шерашкара 24 шерашка кхаччалц болу кегийрхой а хилар. Оьрсийчоьнна а, цуьнан лидерна а дуьхьал  къайлах барт бу беш бохуш, школашкахь дешархойн коьртеш чу и пропаганда йилларца доьзна лору Гудковс. Школашкара бевллачул тIаьхьа, лаккхарчу доьшийлаш чекхйохий, белхашка а хIуьттий, доьзалш болабой, цхьаммо а тIе а ца ийзош, шайн дахаран зеделларг гулдо цара, тIаккха хьежамаш а хийцало аьлла центран директоро.


39 - 55 шаре бовллалц болчу бахархошлахь дог-ойла яц Путинехьа.


Карарчу беттан чакхенехь бинчу талламашца, хаттам бинчу бахархошлахь 68 процент нах реза бу Путинан политикана. Ткъа дуьхьал ву 31 %.


 


 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *