Кадыровга 1300-зза гIо дехнарг лоьху Нохчийчохь
Даудовс дийцарехь, цкъачунна аьтто ца баьлла хаамийн автор карон, хIунда аьлча, шех лаьцна цхьа а хаам цо битина цахиларна.
Кадыровс кхайкхамбина анониме, "Грозный" телеканалца зIене вала аьлла. "1300 хаам баийинарг, "Грозный" телехьожийлехула зIене вала тхоьца. Цунна хIу ала лаьа хьовсур дар-кх, 1300-зза язъеш къахьегна хилча", - аьлла меттигерчу куьйгалхочо.
Спикеро бахарехь, пресс -конференци баийтинчу 9589 хаамах, 7045 юха-юха цхьана телефонехула дина йоза ду, ишта 1022 стага баркалла аьлла Кадыровна.