Кадыровс дешаран министр хIоттийна шен шича
![Кадыровс дешаран министр хIоттийна шен шича](https://gdb.rferl.org/31A84194-CAE9-4AE4-8D01-8A7D8361EFC2_cx20_cy1_cw80_w800_h450.jpg)
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дешаран а, Iилманан а керла министр хIоттийна шен ненан вешин кIант Байсултанов Идрис.
Цунах лаьцна Кадыровс хаам бина шен Telegram-каналехь. Нохчийчоьнан куьйгалхочо дийцарехь, керла министр доккха зеделларг долуш ву урхалла дарехь а, Iилманан гIуллакхехь а.
2013-чу шарахь дуьйна цу даржехь вара Байханов ИсмаьIил.