Гадаев Мохьмад-Салахь. Кеглуш, стигал елхахьара...
![Гадаев Мохьмад-Салахь. Кеглуш, стигал елхахьара...](https://gdb.rferl.org/69FE6218-2F06-4369-9CA9-5BC76934E24F_w800_h450.jpg)
Гадаев Мохьмад-Салахь
* * *
Кеглуш, стигал елхахьара,
Iаьржа латта лелхахьара,
Вай вовшийн ган ца доьгIнелахь,
Маьлхан дуьне дагахьара.
Малхбалера мехаш хьаькхна,
Малхбузера дарцаш хьаькхна,
Дуьне даьгна, Iаьржа кIоржам
Цара эцна дIахьахьара.