Зуламхоша интернетехь пайда оьцу Кадыровн цIарах, боху цуьнан зорбан сервисо
![Зуламхоша интернетехь пайда оьцу Кадыровн цIарах, боху цуьнан зорбан сервисо](https://gdb.rferl.org/167E11C7-2D12-4974-925F-E49822925A4D_w800_h450.jpg)
Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIарах пайда оьцу зуламхоша, Instagram-хь ахча гулдан харц агIонаш а кхуллуш. Цунах лаьцна хаам бина цуьнан зорбан сервисо.
"Цхьана харц агIонехь къовсадалар кхайкхийна, аккаунте дIаязвалар биллам а болуш. И дарна цуьнан авторо кхайкхийна совгIатана кхо миллион сом", - яздо сервисо, Кадыров цу агIонца цхьа а юкъаметтиг йоцуш хилар билгалдоккхуш.
Нохчийчуьра Iедалш сагатдеш ду, "Iехийна цу аккаунташка дIаязбеллачу наха эзар сов комментареш юьтуш хиларна".
И бахьана долуш, шайна карийначу фейкийн тептар а хIоттийна Кадыровн зорбан сервисо.