"Avis" компанин офис схьайоьллуш ю Соьлж-ГIалахь
ПIераскан дийнахь нохчийн министр цхьаьнакхийтира цу компанин инарлин директорца Карреньо Алехандрца, яздо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Байтазиевс дийцарехь, 170 пачхьалкхехь болх бечу "Avis" компанин республикера офис хир ю Соьлж-ГIаларчу аэропортехь.