84 000 гергга вахархо ток йоцуш висина Нохчийчохь
Болчу хаамца, бахьана ду доккха ло диллар а, чIогIа хьоькхуш мох хилар а.
Ток йоцуш бисина Соьлж-ГIалара а, Гуьмсера а, Аргунера а, ткъа иштта Гуьмсан а, Шелан а, Куршлойн а кIоштийн 54 эвлара бахархой.
Электросерло ялар юхаметтахIоттош къахьоьгуш ву лерринчу сервисийн 47 говзанча.