Нохчийчохь газ дIаихначу хIусамехь бер делла
![Нохчийчохь газ дIаихначу хIусамехь бер делла](https://gdb.rferl.org/73F4281F-A9B2-4F97-AA81-CA2ECF57482C_cx0_cy6_cw0_w800_h450.jpg)
Газ дIаихна кхаа стагах лаьттачу Нохчийчуьрчу доьзална дIавш даьлла. Да а, нана а дарбан цIинехь охьадиллина, ткъа церан ши шо кхаьчна бер делла лоьрийн орца схьа а кхачале аьлла, хаамбина регионерчу Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша.
Дахначу шинаридийнахь хилла бу и бохам Хьалха-Мартанахь. Полицино талламаш болийна сингаттам Iоттабеллачу меттигехь.