Риэлторна тIелатар дина аьлла, нохчочух шеконаш ю Санкт-Петербургерчу полицин
![Риэлторна тIелатар дина аьлла, нохчочух шеконаш ю Санкт-Петербургерчу полицин](https://gdb.rferl.org/CC0714E0-354D-4B09-8E5D-2EC53203A2F0_cx0_cy2_cw0_w800_h450.jpg)
Санкт-Петеребургехь петаре хьовсучу хенахь риэлторна тIелатар дина, Расул ю шен цIе аьллачу стага. "Фонтанке" дийцина цунах лаьцна, чу-ара ца баккхалучу бахаман риэлторо а, цуьнан хIусамдас а.
Зудчо бахарехь, Комендантскан проспектехь цхьана чоьнах лаьттачу хIусаме хьажа суьйранна 6 сахьат даьлча ван барт бинера цуьнца Расул ву ша аьллачу стага телефонехула. ХIусам чу ма елли шена тIелатар а дина, куьйгаш а, когаш а скотчаца дихкина, диван тIе охьайиллира ша боху зудчо.
Цуьнгара телефон схьа а яьккхина, зудчун чоьта тIера 25 эзар сом кхечу пачхьалкхерчу банкан чоьта тIе даьккхина цо. Цуьнан буьмаьштигара эзар сом схьа а эцна, дIахецна цо риэлтор.
Полисхойн версица, тIелатар динарг хила тарло Нохчийчуьра 38 шо долу Расул. Риэлтора дийцарехь, жимма маж а йолуш, лекхочу дегIахь, аьтту бIаьргана гаро хилла и стаг.