Журналистна Милашина Еленина юха а кхерамаш тийсина
![Журналистна Милашина Еленина юха а кхерамаш тийсина](https://gdb.rferl.org/429EFC51-2A0A-417E-8FEC-9A6D06AEF263_cx0_cy3_cw0_w800_h450.jpg)
"Новая газетан" редакцин почте кехат кхаьчна журналистана Милашина Еленина кхерамаш туьйсуш. "Баркалла ала, хьуо ца юьйш йитарна. Рамзан Ахматович а вицве, Нохчийчоь а йицъе. Хьайга бохург ца дахь - оха юьйр ю хьо" аьлла. Иконникова Аннин цIарах кхоьллина адрес ду иза.
Электронан почтехула журналисте кхерамашца кехат схьатасале хьалха, "ВКонтактерчу" "Подвал Кадырова" группехь зорбане яьккхина хилла, кхерамаш туьйсуш пост. Цу группан администратор ю Иконникова Анна. ШолгIа администратор ю, гурахь бакъонашларъяран "Мемориал" центрна кхерамаш тийсина "Риана Призрак-Днр".
Журналистна Милашина Еленина а, адвокатна Дубровина Маринина а Соьлжа-гIалахь тIелатар дина кIира даьллачу хенахь даийтина ду кехат.