Окуева Амина муха йийра дийцина Австрерчу нохчочо
И дерриг а дуьйцуш видеоинтервью арахецна "Свободный" телеканало, хаам бо Аpostrophe.ua сайто.
Интервьюна кIеллахь яздинчуьнца а догIуш, "2008-чу шарахь дуьйна Beck Martin (Анзор) болх беш хилла Австрин лерринчу сервисашца цхьаьна. 10 сов шарахь Европехь а, Туркойчохь а, кхечу пачхьалкхашкахь а цхьацца тIелетарш дар а, нах байар хьокъехь дехарш схьаоьцуш хилла цо".