Соьлж-ГIалахь вайна 3 дагестанхо лаьцна хилла ницкъаллин структурийн белхахоша
Соьлж-ГIалахь вайна 3 дагестанхо лаьцна хилла Нохчийчуьрчу ницкъаллин структурийн белхахоша, царна йиттина хилла Кадыров Рамзанан резиденцехь, хаам бо "Кавказ.Реалиино, "СКФО Telegraph" телеграм-канална тIе а тевжаш.
Маршо Радионо яздина ма хиллара, Дагестанерчу Дербентера кхо вахархо: 30 шо долу Алиев Ниллан а, 35 шо долу Мустафаев Сеидайдин а, 62 шо долу Аскеров Хьаьким а вайна хиларх лаьцна хаам бинера Алиев Нилланан нанас Наргиза.
И кхо стаг Дербентера араваьлла хиллера Чиллан-беттан 9-хь "Лада Калина" машенахь. Машенна урхалла деш хилла Аскеров.
Алиева Наргизас дийцарехь, уьш садаIа баха дагахь хилла Соьлж-ГIала. ТIаьххьара шен кIантаца телефонехула цо къамел дина Чиллан-беттан 10-хь. "Турист" хьешан цIийнехь севцна хиллера Дербентан бахархой, амма цигахь уьш дIабахана аьллера Чиллан-беттан 10-хь.
Чиллан-беттан 11-хь гергарчара Нохчийчуьрчу а, Дагестанерчу а полице хаам бинера шайн нах байна хиларх лаьцна. Baza Telegram-каналан хаамца, уьш байна хиллера "Нохчийчоьнан дог" маьждиган хьалха цигаьрка узуш шаьш яьккхина видео цара зорбане яьккхинчул тIаьхьа.