Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Азербайжанехь хаавелла коронавирус хьакхаелла Оьрсийчоьнан вахархо

Азербайджанан Iедалхоша бакъдина шайн пачхьалкхехь коронавирусан ун хаадаларх. Оьрсийчоьнан вахархо ву цомгуш хилларг, ГIажарийчуьра Азербайджане веана волу. Хьалхо Гуьржийчохь хаавелира коронавирус хьакхаелларг. ГIажарийчуьра Азербайджане а веана, цигара гуьржийн пачхьалкхе кхаьчна хиллера иза а. Тахана Гуьржийчоьно бинчу керлачу хаамца, кхин а цхьаъ тусавелла цигахь ун кхетта, ткъа цунах Италехь хьакахделла хилла и лазар


ПIераскандийнахь яьржинчу информацица, коронавирус хааелла ишта Белорусехь а, Литвахь а. ГIажаройн вахархо ву Белорусехь верг, инфекцин лазартне охьавиллина иза Минскехь. Ишта хьалхо Украинас а дийцира, Италехь могуш йоцуш хилла йоI ю шайн аьлла, хаам кхечира Оьрсийчохь а коронавирус гучуяларх


ГIажарийчоьнан зударийн гIуллакхашкахула йолу вице-президент Эбтекар Масуме а, къоман кхерамзаллан гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхо Зулнури Мохтаб а цомгуш хилар тIечIагIдина меттигерчу Iедалхоша.


Ишта коронавирусан ун хилар къаьстира хьалхо меджлисан депутатца Мадеки Махьмудца а, могушаллин министран гIовсца Харирчи Ираджца  а. Коронавирусан гIуллакхашна тIехь Iуналла латтош коьрта спикер  вара Харирчи.


Заздоккху-беттан 1-чу дийнахь дуьйна Оьрсийчоьно доьхкуш ду ГIажарийчоьнан бахархошна шайн пачхьалкхе бахка. Ишта сацош ду царна визанаш ялар а.


Доллу дуьненахь коронавирус хьакхаелла 83 эзар стагах. 2, 8 эзар сов кхелхина цу вирусах.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *