Дагестанхочуьнца коронавирус карийна Азербайджанерчу лоьрашна
![Дагестанхочуьнца коронавирус карийна Азербайджанерчу лоьрашна](https://gdb.rferl.org/93CA4EA0-4151-4647-8BAA-2B18CE3F504D_cx0_cy5_cw0_w800_h450.jpg)
Азербайджанехь коронавирус гучуяьлла дуьххьара. «Вестник Кавказа» («Кавказан хаамча») портало бечу хаамца, 1997 шарахь вина волу дагестанхо сацийна ГIажаройчоьнан, Азербайджанан доза хадош – ун кхетарца доьзна дарбан хIусаме хьажийна иза.
«Кавказ.Реалиино» динчу хаттарна жоп луш, информаци цкъачунна тIе ца чIагIйина Дагестанан могашаллин министралло, аьлла, шега хаийтина дац оцу хьокъехь цкъачунна, шайн векалш зIене бевр бу Азербайджанца.
Китиайрчу South China Morning Post газетан хаамна тIе а тевжаш, Маршо Радион оьрсийн сервисо даладо таханенна коронавирус кхеттачу нехан терахь – 85 эзар стаг. Велла карарчу ханна 2920 стаг. Ун алссам лела меттигаш ю Китай, Къилба Корея, Итали.
Официалан хьостанаша бахарехь, Оьрсийчу ца кхаьчна коронавирус. Японехь лазар кхеттачул тIаьхьа схьавалийна кхо стаг ву Казанерчу дарбан цIийнехь. Китайра Оьрсийчу цамгарца веана ши стаг а вара, и шиъ товелла, чIагIдо хьосташа.