Филиппинехь 30 стаг йийсаре лаьцна йоккхачу туьканахь
![Филиппинехь 30 стаг йийсаре лаьцна йоккхачу туьканахь](https://gdb.rferl.org/9098DE5D-3A76-402B-BEEA-BA1C7C022DF0_w800_h450.jpg)
Филлипинийн шахьарахь Манилехь йохка-эцаран туьканахь герзаца волчу стага йийсаре лаьцна латтош ву 30 гергга стаг, хаамбо Manila Times газетано. Мел лахара а, цхьана стагана чевнаш йина, цигахь голаьцна полисхойн спецназ а ю.
Центран хилла хадархо Парай Арчи ву иза бохуш, хаамбо Philippine Daily Inquirer газетано. Герз ду цуьнгахь, ишта шегахь граната а ю аьлла, дIахьедина цо.
Дукха хан йоццуш балхара дIаваьккхинера иза. ГIалин мэро Замора Фрэнсиса бахарехь, шегахьа довла бохуш, шеца болх беш хиллачу накъосташка баьхна хиллера Парайс, амма цхьа а тIе ца тайна хилла цунна.
Йохкаран центрна тIелеттачуьнца дийцарш ду дIахьош. Цкъачунна дуьйцуш дац, Парчас хьалхатеттинчу цуьнан лаамех.