Ша шена тапча тоьхна Хабаровскерчу полицин майора
"Герз латточу гIишлочуьра шен табелан тапча схьа а эцна, шен кабинет чу а вахна, ша шена тоьхна майора", - яздо DVhab.ru хьостано.
Веллачу эпсаран хьокъехь талламаш болийна аьлла, дIахьедина Хабаровскан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакхочо Щеголева Иринас.