Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Комисси: Шемахь динчу тIеман зуламашна бехке ю Оьрсийчоь

Шемахь дина тIеман зуламаш толлучу Цхьанатоьхначу Къаьмнийн Организацин йозуш йоцчу комиссина гучудаьлла, масех иттанашкахь маьрша нах а бойуш, шайлахь зударий а, бераш а долуш, кеманашца тохарш дарна Оьрсийчоь бехкехилар. The Guardian газетано бина цунах хаам. Хьостан хаамашца, ООН-ан эксперташ дуьххьара тIекхиъна оьрсийн эскарша динчу тIеман зуламашна.


2019-гIа шо юккъе даьллачу заманчохь хиллачух арахецначу рапортехь информаци ю Мааррат-эн-Нууман гIаларчу базарахь а, Хас эвлахь мухIажирш дIатарбинчу хIусамна а кеманашца Товбеца-беттан 22-чохь динчу тохарех. Шозза авиатохарш дина хиллера базарна. Дуьххьара бомбанаш тоьхначул тIаьхьа лазийначу нахана гIодан баьхкина хилла орцанхой нисбеллера шолгIа тохарш дечу хенахь цу меттигехь. 42 стаг вийра хIетахь, шайлахь 4 бер а  долуш. Ткъа Хас эвлахь динчу тохаршкахь 20 стаг вийра, бархI зуда а, диъ бер а цхьана.


"Тхайн каракхаьчначу тоьшаллийн бух тIехь, ду цу юкъахь тешийн мукIарлонаш а, видеош а, электронан суьрташ а, кеманаш дIасалеларна тIехь тидам латточу тергамчийн хаамаш а, комиссин дIахьедойла ю, оьрсийн кеманаша оцу инциденташкахь дакъалаьцна аьлла. ХIора инцидентехь Оьрсийчоьнан ТIеман ХIавааан Ницкъийн (ВВС) лерина тIеман Iалашонаш ца хилла, шаьш тохарш дечу хенахь. Цундела олийла ду тIеман зуламаш дара уьш", - яздина ООН-ан эксперташа арахецначу рапортехь.


 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *