Палестинехь "Нохчийчоь" аьлла маьждиг дийр долуш ду
"Плестинехь Нохчийчоьнан сий деш, маьждиг дан Iалашо ю шайн аьлла Аль-Хабаш Махьмуда. Палестинхойн а, нохчийн а ши байракх хир ю маьждигна тIехула дIатоьхна", - аьлла, "ВКонтактерчу" шен социалан машанехь яздина Кадыров Рамзана.
Палестинан а, Нохчийчоьнан къаьмнийн юкъарчу вежараллин символ хилла дIахIуттур ду и маьждиг аьлла, дIахьедина Кадыровс.