Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

ХIун хила мега ГIалгIайчуьрчу инвестпроектех?

ХIокху материалан автор ю Кавказ.Реалиин корреспондент Саламова Елена


"Дагестан кхиоран корпорацино" пошме зийначо цхьана а хIуманна ца Iамийна ГIалгIайчуьра накъостий




 


ГIалгIайчохь дукха хан йоццуш хаам бинера керла инвестицийн ши проект кхочуш ян ларам бу шайн аьлла. Царах цхьаъ ю Оьрсийчоьнан Къилбехь дуьххьарлера берийн подгузникаш йон завод. Цуьнан мах бу 750 миллион сом. ШолгIа проект ю Китайхь а, Нидерландашкахь а йохка нехча а, кхин долу шурин сурсаташ кечдон завод (иза ян мел ахча оьшур ду цкъачунна хьахийна дац).




 


Хьалхарчу заводо белхан меттиг лур ю 76 стагана, шолагIчо – 60 сов. Карарчу хенахь болх лоьхуш ву ГIалгIайчохь 24 эзар стаг. Болчу хаамца, республикехь 2016 шарахь кхоьллинчу "ГIалгIайчоь кхиоран корпораци" (Корпорация развития республики Ингушетия) компанино кхочуш йийр ю и проекташ. 


Цу корпорацино кхиаме проекташ кхочушйина аьлла хаамаш кхаро аьтто ца белира. Цуьнан сайта тIехь тIаьххьарлера хаам бу бина 2018-чу шарахь.


"2017-чу шарахь цу корпорацино хьахийнера цу кеппара проекташ ян дагахь ша хиларх лаьцна. Уьш яра "Кедр" а, "Риал" а заводаш а, "Строймаркет" махбаран комплекс а. Инвестицин картана тIехь и проекташ а, хIинцца кхайкхийна шурин сурсаташ а, подгузникаш йон а заводаш ярца йоьзна проекташ а йоцуш ю.


Кавказ.Реалиино хаттар динчу эксперташна хетарехь, ГIалгIайчуьра корпорацино лелориг ду луларчу Дагестанерчу "Дагестан кхиоран корпорацино" лелош хилларг. Цуьнан болх буьйцуш экономисто Дохолян Сергейс элира, "вуно тамашийна компани" ю иза аьлла. Цу корпорацина дуккха а хача хьажийнера, амма хууш дац цо цу ахчанах пайда муха эцна, бохуш вара говзанча.




 


Шеконца хьоьжу экономист "ГIалгIайчоь кхиоран корпорацино" дуьйцучуьнга а.


"Хьайн нехча а эцна Голландин рынке вала цига хьажо дезар ду ГIалгIайчоьнан бюджетца дуста мегар долуш дукха ахча", - боху цо. Дохолян шеко йолуш ву баккъалла а оцу агIор цхьаъ далур ду бохучух. Гарехь, проект кечъяран тIегIанна ахча схьа а эцна, иза дIа-схьа а декъна, кхин дIа дерриг а кхиамца дицдан лаам болчух тера ду цигахь, бохуш вара иза.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *