Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

«Шизофренин тIаьххьара тIегIа». Стенна хийшабо Кадыровс шен гергарнаш даржашка?

«Шизофренин тIаьххьара тIегIа». Стенна хийшабо Кадыровс шен гергарнаш даржашка?

Пейсахова Анна

Мехкан урхалле шен гергарнаш стенна хийшабо, аьлла, Москвахь шега бехкбаьккхича, Кадыровс делла жоп иштта ду: «Сан тайпа уггаре даккхийчех ду Нохчийчохь, сан вирд а ду даккхийчех – нохчий массо а сан гергара нах бу».

“Ас хIун дан деза, нах Москвара, Оьрсийчоьнан президентан администрацера бало беза ас? - боху ас. Я сайна бовза а бевзаш, къахьега хууш болу нах хIитто беза даржашка?» - дийцира Кадыровс ша даймахка юхавеъча, министрийн кабинетехь.

Цхьа хан хьалха, махкахь ша даржаш декъар хьахош, элира мехкан куьйгалхочо, Кадыров Ахьмадан берийн бераш хиларна хийшадо ша хьакамалле шен йижарийн а, вешин а бераш.    

Гергара кегийнах боцуш, шен доьзалера зударий а кхобу даржашкахь Кадыров Рамзана, масала, ши йиша, Зулай а, Зарган а ю республикин администраторан хьехамчашлахь. Ткъа ца магадо «Оьрсийчоьнан Федерацин пачхьалкхан даржех» цIе йолчу низамо (16-гIа артикл, 5-гIа дакъа) хьаькамаллехь волчу стагана иштачу даржашка гергара нах хIитто.

Чуьра нах хIиттийна ца Iаш, оцу нахаца «хьожа-мода» ерш а лаьтта, лаьттина Кадыровн урхаллерчу даржашкахь – невцарий, шичой-маьхчой, церан бераш.

Кадыровс кадрашца лелочу политикан маьIна туьдуш, Free Russia Fondation («Маьрша Оьрсийчоь» фонд) юкъараллин коьртачу хьехамчас Соколов Дениса, уггаре коьртаниг ду Нохчийчоьнан куьйгалхочунна, боху, ша а, шен белхан хатI а хьаькамашка къобалдайтар.

«Ши чкъор ду хьаькамаллехь. Цхьаъ – Кадыров Рамзан Ахматовичан, доцца, «КРА-тоба». Иза цуьнан гIера ю, ма-дарра аьлча, цуьнан мафи, цуьнгара «паччахьалла» Iалашден тоба ю, ницкъхой а бу. Дукха а бац уьш – 200-300 стаг. Оцу гIеранехь гергарнаш хилла а ца Iа, амма берраш а бу цуьнан нах. Спикер Даудов Мохьмад, Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, масала. Нохчийчуьрчу шина тIамехь а хилла, юха цуьнгахьа а бевлла, цуьнца цхьаьна лелла нах а бу оцу гIеранехь – Iенийначу цIийной, ахчаной цхьаьнатоьхна уьш», - боху Соколовс.

«ШолгIа чкъор – куьйгалхочун аппарат а ма юй оьшуш. Урхалла дIакхехьа го ма безий. Оцу гоне дIаоьцу Кадыровс беза-бевзарш, юьртахой, шен гергарнаш, шен доттагIийн гергарнаш, оццу Делимхановн, Даудовн цIийнан нах. ЦIоьнтарара бу вуно дукха хьаькамаш. Урхаллин машен лелайо билггал бевзаш болчу массех доьзало. МуьтIахь берраш оьцу даржашка, тера-мера йоза хууш хилчхьана», - дуьйцу эксперто.

Соколов Денисна гарехь, вирд а ду хьаькамийн го квовшахтухуш декъадалийна: «Нохчийчохь тIемаш бовлале, Советан Iедал дохале, кхечу принципца хIоттийна го бара республикин урхаллехь, оцу элитано мелла а латтайора бакъонийн альтернатива. Устазийн тIаьхьенаш а яра оцу хенахь Iедале озош. Уьш лорура махко, ярташкахь беза лорура и нах. Нохчийчуьрчу «хьалхарчу тIамо» йохийра и кеп. Ярташкахь жамаIаташ кхоллаелира, буьйжира устазийн тIаьхьенашка хилла ларам. Коьрта бара махканна тIамо кхиийна къоман инарлаш. Кадыров Ахьмад устазийн гергарчийн сий дендан вуьйлира. Кадыров Рамзан а гIерта и принцип юьхьаръэца».

Яздархочунна, публицистна Шендорович Викторна хетарехь, маьттаза хеза Кадыровс ша муха, хIун нах хIиттабо даржашка дуьйцуш.

“Адамаш доьлла шизофрени ю лелаш Оьрсийчохь а, Нохчийчохь а, оцу хьолан тIаьххьара тIегIа. Адамашка шена къинхетам бехар хIун ду хууш а йоцу абсолютизм ю яьржинарг. Хаменаи-аятоллина, я Кастро Фиделна, я Людовик 16-гIачунна эшна дац халкъ шайна къинтIера даха. Иза иштта хуьлуш ду адамаш цхьана адамна кIел дахча. Ткъа вай дуьйцучу хьолехь, Кадыров а, Путин а наггахь мукъане а халкъе шаьш дийриг дийца декхаре хуьлу, иза дац цаьргахь оьздангаллин зIийдигаш йисина бохург, уьш декхаре хуьлу юкъ-кара, шаьш цивилан дуьненара бу боху сурт хIоттош кеп лело», - аьлла хета Шендеровична.  

“Хьаькамо нахе ша лелочух жоп далар – иза халкъ маьрша гойту битам бу, ша дарже магийначу адамашна хьалха суждане хIоттар ду. Компанино жоьпаллехь кхобу ша-шех урхалла дан хIоттийнарг, акцеш карахь йолчу оцу хьукматан декъашхоша, кхуссий, дIавохуьйту шайна муьтIахь воцу хьаькам. Ткъа Кадыров дIаваккхар дац халкъан карахь, делахь а, кеп ца лелийча ша ца волу аьлла хета цунна, оцо иза декхарево шен деса хIуманаш дийца. Беламе ду дерриг а, хIунда аьлча, цхьа а хаттар-алар а доцуш, Нохчийчохь хьовха, миччанхьа а стаг вен бакъо ю цуьнан – амма кеп лелайо, ша наханнна хьалха цхьана хIуманах жоп дала декхаре волуш санна. Ша дарже хIиттош берш цхьана доккхачу тайпан нах бу менеджеро алар – иза шизофренин тIаьххьара тIегIа ю», - элира яздархочо.  

Iедалх йоцчу бакъоларъярхойн «ОВД-инфо» медиапроектан адвоката Захватов Дмитрийс дагадоуьйту, муха ду доьзалера стаг пачхьалкхан аппарате балха эцарх дерг «Коррупцина дуьхьалояр» цIе йолчу низаман бакъонашкахь: «Куьйгалхочо шен доьзалера стаг дарже хIотторо гойту и  куьйгалхо деккъа дIа шена аьтто беш вуйла а, адамашца иза цхьабосса хир воцийла а - иштта боху низамо».

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Велотрек на западе Москвы обратят в госсобственность через суд

Губернатор Подмосковья поздравил крупный оборонно-промышленный холдинг с 82-летием  

Обучающие семинары для застройщиков и проектировщиков проведут в городе

Суд признал экс-полковника ФСБ виновным во взятке 87 млн руб. и освободил

Музыкальные новости

На телеканале «Культура» рассказали о предстоящей премьере оперы «Борис Годунов»

“Я хочу семью”: музыкант JONY рассказал в “Шоу Воли” на ТНТ о том, какую девушку он ищет

Младшая дочь Заворотнюк пришла на ее могилу с отцом Чернышевым

Eurasianet: Азербайджан публично и цинично уничтожает армянское культурное и историческое наследие в Нагорном Карабахе

Новости России

Губернатор Подмосковья поздравил крупный оборонно-промышленный холдинг с 82-летием  

В Москве прошел суд по спору сестер Шукшиных за права на наследство отца

Суд в Москве признал Олега Эдельштейна сыном покойного Владимира Жириновского

Суд оправдал пятерых участников «ЕНОТ», которых обвиняли в нападениях и кражах

Экология в России и мире

3 детские зубные щетки "Ревилайн" по цене 2 в магазине "Ирригатор.ру" ко Дню защиты детей

Студия Звукозаписи в Москве. Создание Песен, Музыки, Аранжировок.

С чем носить юбку этим летом: примеры стильных образов

Раскрыт секрет, как и где отдохнуть в России летом за 11 тыс. рублей

Спорт в России и мире

Потапова о поражении от Свентек на "Ролан Гаррос": организм дал сбой

17-летний россиянин Даниил Саркисян разгромил Форбса из США на юниорском «Ролан Гаррос»

Джокович — о травме: На данный момент, вроде все нормально, но я не знаю, что будет утром

Теннисистка из Пятигорска вышла в четвёртый круг турнира Большого шлема

Moscow.media

Пожар в пятиэтажке унес жизнь неосторожного курильщика

На орловской трассе столкнулись микроавтобус «УАЗ» и тягач «Scania», груженный дисками вагонных колес

Красноголовый солист.

Победитель фирменной игры «Авторадио» получил ключи от Oting Паладин







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *