Испанехь гуьржи елла коронавирусах
![Испанехь гуьржи елла коронавирусах](https://gdb.rferl.org/A85BFA51-7098-4245-BD63-A49795973DF2_w800_h450.jpg)
Коронавирусан COVID-19 уьнах Гуьржийчоьнан яхархо елла Испанехь. Оцу хьокъехь хаам баржийна гуьржийн премьер-министран пресс-векало Чиковани Ираклийс.
74 шо хилла зудчун. Коронавирус кхетале а яра иза цхьацца лазарша хьийзош, боху Чикованис. Гуьржийн Iедало гIодийр ду ша аьлла еллачун гергарчарна.
40-нне кхаьчна Гуьржийчохь уьно лецначу нехан терахь. Керлачу пациенташлахь ю 80 шо сов хан йолу йоккха стаг а.