Прокуроран гIовс лаьттинарг кхеле озийна Дагестанехь
![Прокуроран гIовс лаьттинарг кхеле озийна Дагестанехь](https://gdb.rferl.org/40120967-9F4E-47DF-A988-E8E87B961269_cx0_cy3_cw0_w800_h450.jpg)
Дагестанерчу Кизил-Юьртан а, гонахарчу а кIоштийн юкъарчу прокуратурехь куьйгалхочун гIовс Iийна Шахбанов Iабдулла кхеле велла, шена даржо еллачу бакъонел совваларна.
Талламо дийцарехь, 2018-чу шарахь Шахбановн машена чуьра 15 эзар доллар дайна хилла. Къола дарна бехкевина цо шен коллега, прокуроран шолгIа гIовс, ша хьалхо шен машен цуьнга елла хиларна.
Iедале шена къоладар дIа а ца хоуьйтуш, ша къасто сацам бина цо хилларг - таллам беш, ша-шеггара коллега полиграфах чекхваьккхина шозза.
"Полиграфо гайтина жамI юьхьар а эцна, шен коллега а, цуьнан гергарнаш а декхаребина Шахбановс ахча охьадилла. Ца диллахь, кхерам тесна иза нахалваккха а, балха тIехь жоьпе озо а», - боху Дагестанан Талламан комитетан урхалло.
Талламчаша чIагIдарехь, шена тешийначу даржо лучу бакъонел совваьлла Шахбанов, сийсазйина цо прокуратура, байина нехан прорукатуре болу тешам.