Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочо Битаровс коронавирусца доьзна самонан лаккхара хьал кхайкхийна махкахь
![Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочо Битаровс коронавирусца доьзна самонан лаккхара хьал кхайкхийна махкахь](https://gdb.rferl.org/B67B39B6-65D3-4D37-81EF-2EBBCE5FBA0F_w800_h450.jpg)
Тахана дуьйна лаккхара самонан хьал хIоттош ду Iедало Къилбаседа ХIирийчохь. Коронавирусо бохьучу кхерамца доьзна ду мехкан куьйгалхочо Битаров Вячеслава дина омра.
Ерриг а ХIирийчоьнна доьхку спортан, синкъераман, нах алссам гулбешболу барамаш хIиттор.
Омрица а догIуш, ун даьржинчу мехкашкара баьхкина нах декхаре бу телефонехула эпидемиологашка шаьш хилла меттиг хаийта а, шайца цамгар хааелла яцахь а, 14 денна цIахь совца а. Мегаш дац бахархойн оцу категорина цкъачунна балха я деша баха.