Къилбаседа Кавказехь кхо стаг коронавирус кхетта хилар бакъдина Iедало
ГIебарта-Балкхаройчуьрчу цхьана маьждиган имам а, цуьнан зуда а хилла цомгуш, дозанал арахьара цIабаьхкича. Ставрополехь ун кхеттарг ю Испане садаIа а яхана, цигара юхаеана лор.
Роспотребнадзоро хоуьйту Оьрсийчохь тIаьххьарчу дийнахь-буса 53 стаганна коронавирус кхетарх лаьцна, 18 регионера бу и нах.
Таханенна 306 стаг ву Оьрсийчохь ун хьакхаделла.