Нохчийчуьрчу ницкъаллийн структурех жоп лур ду Висмурадовс
![Нохчийчуьрчу ницкъаллийн структурех жоп лур ду Висмурадовс](https://gdb.rferl.org/4BA62C2C-B2D1-40CA-9911-361D8D3A30AD_cx0_cy8_cw0_w800_h450.jpg)
Нохчийчоьнан Конституцина лерина парламентехь дIаяьхьначу кхеташонехь депутаташа цхьабоса кхаьжнаш тесна Висмурадов Абузайд ("Патриот") премьер-министран гIовс хоржуш. Республикерчу Iедалехь ницкъаллийн структурийн блокех жоп лур ду цо тIейогIучу заманчохь.
Карарчу шеран Чиллан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана махкарчу Iедалехь ницкъаллин структурийн блокехула вице-премьеран дарже хIоттийнера Висмурадов Абузайд.
Висмурадов СОБР "Терек" герзхойн тобан командир а, "Ахмат" латархойн клубан куьйгалхо а ву ишта.
"Магнитскийн низамца" хIоттийначу Американ санкцин тептарна юкъахь а ву иза.