Маьждигашкахь гулдалар дихкина муфтийс Межиевс (+видео)
"ХIора кIоштахь дIахаийта, пIераскандийнахь маьждигашкахь Рузбана ма гулло алий. Дийцарехь, гIеметтара болчу нахана а, шайн дегIаца цхьацца сиркхонаш йолчарна а атта долу и ун. Цундела царна пайден хир ду чохь сацар. Тезетах а, зуда ялорах а дерг аьлча, нах а ца гулбеш, шайн доьзалехь дерзон деза дика а, вон а, хIара эпидеми лахъяллалц", - аьлла Межиевс.
Маршо Радионо ма-яздарра, Туркойчуьра цIавеанчу Нохчийчоьнан кхаа вахархочуьнца коронавирус гучуяьлла.