Абхази: оппозиционеран толам
Гилоян Элеонора, "Кавказ.Реалии"
Цкъачунна динчу жамIаца, Абхазерчу президентан харжамийн хьалхарчу турехь тоьлла оппозицин лидер Бжания Аслан.
Лакхарчу кхелан сацамо декхарейира Абхази харжамаш юхабан. Хьалха дIабаьхьина харжамаш цо юхабехира президентан харжамех долчу низаман 19-чу артикланна тIе а тевжаш, шолгIачу гонехь кхаьжнаш нийса багарбина цахиларца доьзна. Хьоло гIовттинчу бахархоша декхаредира Iедал харжамаш юхабайта, экс-президент Хаджимба Раул – дарж дита.
Стохка хиллачу харжамашца дуьстича, хIинца нах алссам арабевллийла кхаьжнаш таса гуш дара кIиранде юккъе кхачча: Харжамийн юкъарчу комиссин куьйгалхочо Гогия Тамаза хIора кхаа сахьтехь довзуьйтура харжамхойн терахьаш.
"Стохкалерчу хьолаца дуьстича, кхуьуш ду терахь, 8% сов баьхкина нах», - элира комиссин куьйгалхочо шен цхьана хаамехь.
Делкъехь 2 сахьт даьлча кхаьжнаш тесна бевлира шаьш кандидаташ а: шен децIахь, Тамыш юьртахь, вахара харжамашка Бжания Аслан, Керлачу Афонехь – Ардзинба Адгур, мехкан шахьарахь кхаж тесира Дзапшба Леонида.
Абхазера боцу тергамхой кIезиг бара харжамашна тIехьовсуш: 16 стаг – пандемино лахдинчух тера ду хьешийн терахь. Оьрсийчоьнан векалтера бара Кремлан цIарх баьхкина тергамхой. Баьхкинера хьовса Къилба ХIирийчуьра а, Приднестровьера а.
Жигара бара нах харжамийн каппашкахь. БогIура уьш доьзалшца цхьаьна а, кегий берашца а, балабора къоначара шайца цIера къаной а.
"Оха стенга сатуьйсий? Дера туьйсу дикане, бен-башха дац мила тоьлу, кхоьртаниг паргIато ю. ХIинца мукъане а резахир бац-те вовшашна массо а!» - элира цхьана воккхачу стага ша кхаж тосучу юкъанна.
"Ас массарна а дуьхьал кхаж тесна-кх, иза лечкъа а ца до ас. Ца яр нийса дацара, амма со цхьаннех а теша-м ца теша», - бохура кхожан хIусамна хьалха цхьана жимачу зудчо.
Оршоьтан Iуьйраненна дина девллачу жамIаша бахарехь, 97209 харжамхо (75,68%) веана кхаж таса. Стохка хиллачу президентан харжамашкахьчул 10% дукха ду и терахь.
Харжамаш дIабирзина 2 сахьт даьлча хууш дара жамI, амма официалехь иза ма-дарра довзуьйтур ду Харжамийн юкъарчу комиссино, гарехь, кеста.
Сарахь 10 сахьт даьлча кхеташ яра Бжаниягахьа а, Ардзинбигахьа а тесначу кхаьжнийн башхалла – хьалхарниг тоьлуш вуйла. ТIаьхьо штабаша хаийтира Бжания 50% кхаьжнаш баьхна а ца Iайла, иза хьалхарчу гонехь тола оьшу терахь схьаэцна ваьллийла.
Кхаьжнаш багарбеш дакъалецира кандидатийн штабашкарчу аналитикан дакъойн векалша. Кандидатийн векалш бара хIора харжамийн хIусамехь. Штабашка цара дIакхачадора терахьаш, кандидатийн векалташа тидамехь кхобура доллу хьал.
Буса, цхьайтталгIа сахьт юккъедахча гулбеллачу шен агIончашка вистхилира Ардзинба. «Юьхьарцара жамIаш гуш ду, цара бахарехь, тоьлла Аслан Георгиевич (Бжания – ред.). Иза ас доггах декъалво. Теша лаьа, цо шен программе дехкина хьашташ кхочушдийриг хиларх», - элира цо.
Цул тIаьхьа Ардзинбин накъостий бахара Бжаниян штабе, цигахь вовшашка вист а хилира ши политик.
"Хуьлийла дац вайлахь эшнарш. Массо а цхьаьна а кхетта, дан дезаш дукха гIуллакхаш ду вайн, оцуул хаарш долу го муххале а бу оьшуш. Ас догдоху, вай массо а цхьаьанакхетта, къахьегаре, вай цхьаьна хилахь, кхочуш далур ду вайга дуккха а гIуллакхаш», - элира ша оппоненто декъалвечу юкъанна Бжанияс.
Текстехь ша-шена маршо кхайкхийначу Абхази республикехь лелачу кепехь ю топонимаш а, терминологи а.