Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Нохчийн гIиллакхехь доцург"

Пейсахова Анна,                                                                                              "Кавказ.Реалии" 

Соьлжа-ГIаларчу яхархочо Сосуркаева Лианас арздинера Шуьйтан кIоштан кхело дIадахначу шеран ГIуран-беттан 10-чу дийнахь бинчу сацамна, амма хIинца и сацам бакъбина Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело. Цуьнан бераш цуьнга дIадаларх долу гIуллакх листар Шуьйтарчу коллегаша ханна сацор нийса ду, психологин экспертиза ян еза, аьлла Соьлжа-ГIаларчу кхелахоша.

Майра велча, марвешица Ахмадов Сайд-Салахьца дисина шен бераш дIадоьху Соскуркаевас. Цо бахарехь, девашас цунах дIа ца кхоьтуьйту хьалхарчу классехь доьшуш йолу Ясмина а, кIант Рахьман а.

Берийн шолгIа деваша – Ахмадов Сайд-Iабдулла – депутат ву  Нохчийчоьнан парламентехь.

«Шуьйтан кхело дов толлучуьра сацор нийса дац, психологин экспертизехула берашка соьца Iан лаьа я ца лаьа хатта деза бохург а нийса дац. Бераш соьга схьадала деза. Лакхарчу кхело бахарехь, сан бакъо ю кхело дов луьстуш лелочу кепах лаьцна лаьцна латкъам бан, амма бакъо яц сан экспертиза цаяйта. Суна дуьсург цхьаъ ду – вердикт кхоччуш араяккхаре сатийсар, цул тIаьхьа кхидIа а аьрзнаш дар», - боху Сосуркаевас.

Нанас тоьшалла до шен шина беранна етташ хиларх лаьцна, боху, шена уьш гойтуш а дац. Шо гергга ду бераш, шайна хуьлу са бахьанехь, дехоша шайгахь кхобу, элира берийн нанас.

Майра велча, петар дIа а йоьхкина, ахча марзхошка дIаделла Сосуркаевас. Оцу ахчанах Соьлжа-ГIалахь цунна а, берашна а цIа оьцур ду, баьхна Ахмадов Сайд-Салахьа. Цо баккъал а дина цIа, амма тIеяздина иза шайн йишина, ткъа Лиана араяьккхина чуьра. Йисина Iен зуда яьлла берех, хаьдда рицкъанах а, хIусамах а.

Iедале а, муфтияте а дехарш дарх, хьал хийца ца делла. Ткъа стохка Зазадоккху-бутт бовш АхмадовгIара цхьана дезчу денна ши бер шайца дитар дехна зудчуьнга. Цул тIаьхьа кхин юха ца делла уьш нене.

Хьалхарчу кхело, бераш дIадахар луьстуш, тергамза дитина кхел йоьдучу юкъанна нанас уьш шеца дитахьара бахар. Амма дов сацийна, психологин экспертиза йина яллалц йолчу ханна.

ХIиттийна хеттарш ишта ду: «ХIун хьолехь бу берийн синкхетам? Нана муха тIеоьцу бераша, уьш мел дIаийна ду цунах? Бераша мел ларамбо девешин? Уьш ненаца дисахь, хIун зен хир ду церан синкхетамна? Девешица бераш дисаро зен дийр ду церан кхетамна я дац?»

Ишта хеттарш хIиттор харцо ю, ненан бакъонаш кхело шегара дIаяьхна а ца хилча, берашна ша массарел мехала а хилча, чIагIдо Сосуркаевас. Цо шен бен яц боху бераш кхетош-кхион, церан доладан бакъо.

Тергамза дитина Шуьйтарчу кхелахочо Гуциев Ислама Оьрсийчоьнан Конституцин 38-чу артикло бохург: берашна даха а, кхиан а йолу бакъо дегахь а, ненехь а хилар.

Ахмадовс кхелахошка даима олу, бераш ирсе ду шен доьзалехь, мел оьшург а латтадо ша царна, уьш нене дIалойла дац. "Кавказ.Реалиига" а элира цо изза: Сосуркавага дIа а делла, бераш юьстахдуьтийла дац шен, «нохчийн гIиллакхехь доцург» дойла дац.

Бетта чохь Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело Шуьйтарчу кхеле кхачор бу шен сацам, цул тIаьхьа эсксперташа зуьйр ду хьал, хIиттийначу хеттаршца а догIуш. Берийн хьокъехь кхелан сацам хилла бер бац лаххара а шина-кхаа бетта чохь бен. Ткъа хIинца-м балхахь а бац кхелахой – тIебогIучу беттан 10-гIачу дийне кхаччалц карантинехь бу уьш.

Къастонза дисина нанна бераш гайтар. Наггахь школе еъча, гора Сосуркаевана шен йоI, юкъ-кара гора воI а.

"АхмадовгIарна со еаний хаъалц бен гойла ца нислора суна сайн ши бер, амма хааделча, сихха суна хьалхара довдадой, дIадуьгура, со йистхила кхиале. ТIаьххьара ши кIира хьалха гина суна уьш, шеко йоццуш гур дац хIинца нийсса баттахь, школа карантинехь ма юй, - дуьйцу Сосуркаевас.

Сосуркаеван адвоката бахарехь (кхерамзалла ца йохорхьана, ца йоккху цуьнан цIе), шегахь эксперто-психолога бина сацам  боллушехь, ненах бераш дIа ца туху кхело. Психолого бинчу къастамо боху, ненах къастийна хиларна, сингаттамехь ду бераш.

Хьахаделира кхелехь, Ахмадов Сайд-Салахь кхело дина таIзар текхна вуйла а, цхьа зама хьалха федералан лехамахь лаьттина вуйла а. Дара кхелан документашлахь ялх шо долчу Рахьманна 2018-чу шарахь еттарх лаьцна тоьшалла а. Сосуркаевас бахарехь, вуьйцучу девашас йиттина хилла цунна. Делахь а Нохчийчуьра кхелаш яц цкъачунна берийн ненехьа.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Какой вид спорта выбрать для ребенка, рассказали москвичам

Центр грудного вскармливания открылся в Видном

Депутат Омаров поддержал фестиваль «Союз талантов России»

«Период возможностей и обновления»: как обернуть кризис среднего возраста в свою пользу

Музыкальные новости

"Евро-Футбол.Ру": "Спартак" не будет подписывать камерунского форварда Абубакара

Собянин: Около обновленных поликлиник создано более 600 зон отдыха

Преступления мигрантов с рынков азербайджанского олигарха Года Нисанова продолжают шокировать Москву

“Я хочу семью”: музыкант JONY рассказал в “Шоу Воли” на ТНТ о том, какую девушку он ищет

Новости России

Компенсационные автобусы назначены на Казанском направлении МЖД в июне

Киноклуб «Поклонка» при Музее Победы пригласил на бесплатные показы в июне

Свыше 50 семейных пар поучаствовали в чемпионате по бадминтону в Химках

Илья Бронштейн и Василий Кузнецов наградили лучших руководителей парков Подмосковья

Экология в России и мире

Волжский нарцисс - Плес

Конференция «Общество и психическое здоровье» прошла в Ставрополе

Улыбка сделала слушателя «Юмор FM» миллионером

«Заставлял Костомарова мыть свою машину, чтоб потом он на ней покатался по парковке!» Илья Авербух рассказал о дружбе с Романом Костомаровым в шоу «Вкусно с Анфисой Чеховой» на ТВ-3

Спорт в России и мире

Российские ракетки сообразили на троих // Даниил Медведев, Мирра Андреева и Элина Аванесян дружно вышли в 1/8 финала теннисного Roland Garros

Главный русский теннисист заставил Париж аплодировать ему стоя. Что удалось Осьминогу Медведеву?

Организм был не в состоянии: Потапова прокомментировала поражение на «Ролан Гаррос»

Медведев высказался об игре Свёнтек

Moscow.media

Водитель "Лифана" погибла после аварии с фурой

Вечернее поле.

Для строительства участка Приморского кольца в Калининградской области ищут подрядчика

Преступления мигрантов с рынков азербайджанского олигарха Года Нисанова продолжают шокировать Москву







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *