Шарна дIатеттина Токиохь хила еза Олимпиада коронавирус бахьанехь
МОК-ан президенто Бах Томаса а, Японин премьер-министро Абэ Синдзос а бартбина Олимпикан ловзарш дIатоттуш аьлла, билгалдаьккхина дIахьедарехь. ТIедогIучу шарахь Токиохь дIахьур ду уьш, ишта хьалха хилла Олимпикан а, Паралимпикан а ловзарш Токио- 2020 аьлла, цIе а хийцанза юьтур боху документехь.