Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Ах миллионе кхочуш ду ун кхеттачийн терахь. Коронавирусан центр хуьлуш лаьтта Цхьаьнатоьхначу Штатех

Хопкинсан Университето даладо коронавирусо лаьцначу нехан терахь – 422 эзар стаг. Товелла таханенна 108,5 эзар.

Массанхьачул дукха бу ун кхетта нах Китайхь – 81,6 эзар, шолгIаниг ю Итали – 69,2 эзар, кхоалгIаниг – Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ – 55,2 эзар.


Хопкинсан Университето бахарехь, велла дуьнентIехь керлачу уьнах 18,6 эзар стаг. Массарел дукха бу белларш Италехь – 68,2 эзар, цул тIаьхьа ю Китай – 3,3 эзар вахархо, кхоалгIачу меттехь ю Испани: 3 эзар.


Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ

Дуьненаюкъарчу могашалла Iалашъяран организацинина (WHO) гарехь, COVID-19 уьнан керла центр хуьлуш лаьтта Американ Цхьаьнатоьхна Штатех.


"Сиха кхуьуш ду цамгар кхеттачу нехан терахь. Вирусан центр хила тарло оцу пачхьалкхах. Делахь а билггал ала дац иза, амма хила тарлург ду», - аьлла WHO-н векала Харрис Маргаретас.


И хаам баьржина Iамеркарчу эксперташа, коронавирусна дуьхьалбаккха вуно кIезиг гIирс бу Штаташкахь, бохуш, орца дохучу юкъанна.


Ун хьакхаделла нах бу пачхьалкхехь 55 эзар сов,  дийнахь-буса велла 200 вахархо.


Хопкинсан Университето далочу терахьашца, карарчу ханна махкахь ун кхетта ву 55 эзар стаг, юьхьанца дуьйна белларш – 600 гергга.


Массанхьачул а дукха ду дараш Нью-Йорк штатехь – уьно лаьцна 26 эзар гергга вахархо, велла 210.


Цхьаьнатоьханчу Штател хьалха ю ун даржарца Китай а (81,5 эзар сов стаг), Итали а (70 эзар ца кхоччуш дархо).


Кху муьрехь президента Трамп Доналда дIахьедина Твиттерехь, ден дарба – аьлча а, нах шайн-шайн чохь лацабелла Iар – цамгарал а кхераме хила тарло, аьлла. Цо бахарехь, балха лела лаьа америкахошна. Ткъа Трапма аьллачунна резабоцчара чIагIдо, экономиканна хуьлу зен кIадбоцург ду баларша дохьучу зенашца дуьстича.


Китай

47 стаг билгалваьлла коронавирус кхетта дийнахь-буса. Оцу массо а наха лаьцна ун дозанал арахьара юхачудеана ду, боху Китайн могашаллин министралло. Дозанал арахьара, шайца вирус а йохьуш, даймахка веана бохург ву 447 стаг.


Дийнахь-буса велла виъ стаг, царех кхоъ Хубэй провинцера ву – хIинца дуьненахула яьлла лела коронавирус дуьххьара гучуяьллачу махкара.


Европа

Францехь коронавирус тергалъечу Iилман центро керла хьехамаш баржийна карантин хьахош. Эксперташна хетарехь, Францин бахархой вовшех ларлуш, цIахь Iан беза «лаххара а 6 кIиранах».


1100 стаг велла коронавирусах Францехь. Кху тIаьххьарчу дийнахь-буса велларг ву 240. Верриг а уьно лаьцнарг ву цигахь 22300.


Могашаллин министраллин Инарла дирекцин куьйгалхочо Саломон Жерома бахарехь, COVID-19 «яьржаш ю хьалха санна».


Италин министрийн кабинето гIуданаш тоха сацамбина коронавирусца латточу дуьхьалонан хьелаш талхийначу наханна – 3 эзар евроне кхаччалц бу церан барам.


"ТаIзарх дерг аьлча, оха гIуданаш юкъадаьхна – 400 еврона тIера 3 эзар евроне кхаччалц ду уьш», - дIахьедина Италин премьер-министра Конте Джузеппес.


«Ас дозалла до италахой низам дезаш къам хиларх, дукхахболучара ларамбо низамийн», - аьлла Контес. Ша теша, боху цо, уьнах къовлаелла Iачуьра Итали мукъаер ю беа беттачохь бохучух.


Оьрсийчоь

Коронавирусах товелла Оьрсийчохь 14 стаг, хаам баржийна Москван мэран гIовса Ракова Анастасияс.


Хьалхо пачхьалкхан шахьарарчу могашаллин департаменто магийна COVID-19 хала ловш боцчарна дарба шайн цIахь а Iаш лелон. «Нагахь санна дегIан йовхо 38,5 градусал лахара елахь, садеIар могIара делахь, цIийна хIо тоар 93% делахь,  пациентна цIахь Iан мега», - боху департаментан документо.


Ткъа Петербургехь дихкина пачхьалкхан а, доларчу а дарбан хIусамашна могIара цамгарш бахьанехь богIу нах тIеэца. Ишта ду меттигерчу Роспотребнадзоран омра.


ТIебогIу бутт чекхбаллалц лаьттар ду и хьал. Доьхку дарбан хIусамашна:




хьалххе чубийша язбелла нах тIеэцар
хене йиллина хилла диспансеризаци яр,
пациенташка хьийсар,
тIелелачарна профилактика ян,
берашна а, баккхийчарна а мехий детта,
санаторешка, курорташка нах хьийсо.                                                                                                                                  Дехкарш дузу «коронавирус яьржаш хиларца а, иза арахьара чуян болчу кхерамца а». Даьржаш лаьтта ун кхетта ву Оьрсийчохь 495 стаг.​                                                  


 


Беларус

Беларусехь таханенна коронавирус кхетта ву 81 вахархо, товелла 22. Хьалхо президента Лукашенко Александра довзийтира Китайн Беларусерчу векална Цуй Циминна шайн махкара хьал:


"Дерриг а нисло дахарехь, коьртаниг цавохар ду. Хаамийн гIирсаша айинчу гIарано нах хьеребарна кхоьру со уггаре хьалха. Стаг хьерехилча бу цунна муьлхха а лазар кхета кхерам. … Керста Пасха хиллалц вай дийна дуьсий – дехар ду-кх тIаккха кхидIа а, - аьлла Лукашенкос.


Украина

97-нне хьалакхаьчна Украинехь коронавирус хьакхаеллачийн терахь. Царех 31 стаг ву Киевера. Киеван мэра Кличко Виталийс бинчу хаамца, кхин а кхо стаг тIекхетта уьно лецначарна. Коронавирус хааелла Тернополерчу а, Киевна гергарчу Бравары гIаларчу а цхьацца вахархочуьнца.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *