Шемарчу даIишхойх дIакхеттачу нохчочунна дуьхьал гIуллакх айдина
![Шемарчу даIишхойх дIакхеттачу нохчочунна дуьхьал гIуллакх айдина](https://gdb.rferl.org/136CDA58-1922-4AF4-B748-13B56673CDCB_cx0_cy1_cw0_w800_h450.jpg)
Нохчийчуьрчу Ноьвр-кIоштан вахархочунна Арсанухаевна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх диллина. Ницкъаллийн структураша бинчу талламашца гучудаьлла, Арсанухаев Туркойчуьра дехьаваьлла, Шемарчу даIишхойх дIа а кхетта, тIемаш беш хилар. Пачхьалкхан эскаршна дуьхьал леташ ву иза аьлла, дIахьедина "Кавказский узел" агенталле Нохчийчуьрчу прокуратуран белхахочо.
Цо дийцарехь, жимстаг бехкево зуламан кодексан 208-чу артиклца: герзашца вовшахтоьхначу тобанехь дакъалацар, кхечу пачхьалкхан территори тIехь тIом бар. Билгалъяьккхинчу артиклца 15 шаре гергга хан кхачайо Арсанухаевна.