Кхин 196 стаг охьавиллина Оьрсийчохь коронавирусан ун даьлла
Дахначу дийнахь тесташа вирус гайтинчарех 157 Москвара вахархо ву, Подмосковьера ву 8, Волгоградан кIоштара 3. Керла кхин а ши стаг коронавирусца охьавиллина аьлла, хаамбина Нохчийчуьра а, Мордовера а, Удмуртера а, Самаран кIоштара а.
Цхьацца ву Тулан, Ярославан, Иванован, Орелан, Ростовн, Кировн кIошташкахь, Дагестанехь а, ГIезалойчохь а.
Гоьбевллачу Оьрсийчуьрчу нахалахь коронавирус кхетта иллиалархочунна Лещенко Левна. Коммунаркерчу инфекцийн дарбан цIийнехь ву иза.