"ГIалгIайн къоман тайпанийн Кхеташо" дIайохийна Лакхарчу кхело
![](https://gdb.rferl.org/F002049E-802B-4DA3-B5DB-82737C518DA5_cx0_cy8_cw0_w800_h450.jpg)
"ГIалгIайн къоман тайпанийн Кхеташо" вовшахъяккха аьлла, стохка ГIалгIайчуьрчу юстицин министралло чуелла иск къобалйина Лакхарчу кхело. "Бакъонашларъяран "Мемориал" организацино бина и хаам.
Iедалан органаша бечу балхана юкъагIортарна а, пачхьалкхан къайле йостуш хаамаш зорбане бахарна а бехкейора Кхеташо.
Стохка ГIадужу-беттан 8-чохь латкъамбинера юстицин министралло организацина. Iедалхоша масийттазза шайна йина претензеш тергалйина ца хиллера цара, я нисбала а ца гIоьртинера аьлла, билгалдаьккхина кхелахоша.
2016-чу шеран Гезгмашин-беттан 2-чу дийнахь кхоьллинера "ГIалгIайн къоман тайпанийн Кхеташо". ГIадужу беттан 16-чу дийнахь юстицин министраллехь тIе а чIагIйинера.
Стохка бIаьста дуьйна лаьцна ву оцу боламан куьйгалхо Ужахов Малсаг. Карарчу хенахь Кхеташонан урхаллехь ву Даскиев Мурад.