Нохчийчохь кхин а ши стаг тIекхетта коронавирусца
Маршо Радионо яздира еаридийнахь Нохчийчохь карантине охьавиллина 500 стаг ву, царлахь ун даьлла 10-нна аьлла, республикан могушаллин министро Сулейманов Эльхана дIахьедарх. Эпидемиологин хьал телхинчу пачхьалкхашкара цIа баьхкина, я цаьрца контакт хилларш бу уьш аьлла, къастийнера министро.
"Ун даьллачех аьлча, таханалерачу дийнахь Нохчийчохь 10 ву уьш вовшахкхетта. 5 шо кхаьчна бер а ду царлахь. Суна ишта ала луур дара, селхана мехкан куьйгалхочуьнца дIаяьхьначу кхеташонехь билгалдаьккхина ма хиллара, регионерчу хIора стага ларъян езаш ю карантинан раж", - элира Сулейманов Эльхана