Кадыров: ДIоггара бахьана а доцуш, урамашкахула лела нах лоьцур бу
Цкъачунна шаьш бахархой, варе а беш, буьтуш бу, амма массо а хIуман шен зил бу, ткъа шайн дезар ду мелла а луьра гIулчаш яха, бохуш вара республикан куьйгалхо.
Хьалхо цо ницкъбаре кхайкхинера шен ницкъаллин структурийн белхахой карантинан раж ларйеш боцчу нахана. "ДIалеца. Карае уггар чамбоцу, талламан изоляторехь ялахь а, вукханхьа ялахь а, цхьа… и санна йолу меттиг. Тесна йитина меттиг а карийна, иштта чIогIа догIа а тоьхна, шийла йолчу чохь, яъа хIума йоцчу чохь вита веза иза. Шена дерриг а хуъушехь нахана юкъаваьлла паргIат лелаш ву… Орана чу лаьттах волла, чукхосса, цигахь валийта иза", - бохуш вара иза, Iедалхойн кхеташонехь къамел деш.