Нохчийчохь коронавирус яржарна дуьхьал ша дийриг бахархоша къобалдо, боху Кадыровс
"Оха Iалашо хIоттийнера вирус яржаран зIе хадо, ткъа цунна тIедоьлхуш а ду тхо. Тхан лозунг ю: "ХIаллакъйе вирус!" Ткъа тхуна хаьа иза муха дан деза", - яздина Кадыровс шен Telegram-каналехь.
Зазадоккху-беттан 28-хь дуьйна республикан Iедалш чIагIйина карантин, Нохчийчоьнан дозанашкахула дIасалеларна доза а тухуш. Изза дина Соьлж-ГIалахь а.
Хьалхо Кадыровс харцдира ницкъаллин структурийн белхахоша карантинан раж ца ларйинчу бахархошна ницкъ бо бохург. Кху деношкахь социалан машанашкахь видеоролик яьржнера, карахь пластикан биргIанаш а йолуш, яьссачу гIалахула лелачу полисхойх лаьцна. И бахьана долуш нехан харц ойланаш кхоллаелла, аьлла хета Нохчийчоьнан куьйгалхочунна.