Песков: Путина кху деношкахь дерриг а до геннара дIа
Шинарин дийнахь гучуделира коронавирус кхетта хилар Коммунаркерчу дарбан цIийнан коьртачу лоьрана Проценка Денисна. Цига ша ваханчу дийнахь Путина куьг деллера цуьнга. Президентца цхьаьна цу дарбан цIийнехь хилира Песков а (туьтмIаьжиг йоллина), вице-премьер Голикова Татьяна а, Москван мэр Собянин Сергей а (туьтмIаьжигаш а йоцуш).
Президент Ново-Огорёвохь ву. Цигара дIа, телекоммуникацех пайда а оьцуш, Iедалан декъашхошца кхеташо дIахьура ю цо, бохуш вара Песков.