Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Онлайн-кхел. Протестхошна – видео чухула таIзар

Воронин Иван,                                                                                                                  Маршо Радио, орсийн сервис



Казанехь жигархочунна Шоетова Маринина геннара дIа – видеозIенехула – кхел еш, 150 эзар сом гIуда тоьхна, цо дина доцу зулам тIе а хьарчош. Кхело шен болх дIабаьхьина дистанционан кепехь, ткъа таIзардархой дIагулбелла хилла полицин декъан цIенна бухарчу чоьне.


«Хьуна со вовза ма вевза? Ялол соьца!» - аьлла, шен машена хаийра «Э» центран белхахочо меттигера жигархо Шоетова Марина. Ша ехачу хIусамера арайоллуш лаьцна иза кIира гергга хьалха.


Полице дIакхаьчча бен ца кхетта йоI ша стенна лоцуш ю: «нах гулбеш, рогIера барам хIотторца низам дохорна» яздина протокол. «Шоетова М.С., ша дIахьочу бараме хIоьттина, гонахарчу наханна, ша дийриг низамехь доцийла а ца хоуьйтуш, нехан кхерамзалла ша йохош юй а ца олуш», - боху  полицин документо.


Буьйцу бехк бу Шоетова байначу беттан 9-чохь Казанерчу цхьана супермаркетна хьалха цхьалхачу пикетехь лаьттачу нахаца гар. Иза ша ца лаьттина пикетехь. Амма цо гIодина плакаташ зорба тохийта типографе хьовсош, дIасалелачу нахера куьйгаш а лехьийна цо.


Интернетехула барт бира жигархоша пикете бовла – иза Iедале хаьттина ян езаш акци яц, ца къастийна ша пикеташна я хан а, я меттиг а, ца йина агитаци, плакат карахь ца лаьттина, пикетхошна 20 метр юьстах, нахера куьйгаш лехьийна, боху Шоетовас.




 


Юьйцу конституцин хийцамашна резадацар гойту пикеташ хилале пхи де хьалха лаьцначуьра араяьлла иза – дина административан таIзар ГIезалойчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министрна Хохорин Артемна дуьхьал хIоттийначу пикетехь латтарна. Полицино хьалхо дIасалаьхкинера Казанехь нехаш ягаен меттиг ца хIоттаяйта арабевллачийн акци – цунна бевллера гIалара жигархой министрна дуьхьал гуламе.


Шоетована бехке ен тIаьххьара акци яра конституцин хийцамашна дуьхьал хIоттийна. Шена мелла а йоккха хан тухур ю тIакха аьлла хетара цунна.


Онлайн-кхел


Ца баьхкина нах Шоетова Марина кхеле йига. Онлайнехула йина кхел: йоI а, цуьнан адвокат а полицехь а долуш, ткъа кхелахой – Фемидин цIийнехь.


«Тхо полицин цIенна бухарчу чоьнаш чу дигира. Ноутбук яра цигахь, ах экранехь гойтуш вара кхелахо. Иштта дIаяьхьира кхел», - дуьйцу Шоетовас.


ГIуда тоьхна жигархочунна 150 эзар сом. Сихха кхелехула чекх ца яьккхича ца йолучу зуламхочунна санна. Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело, эпидемица доьзна, ца йича ца торуш йолу кхелаш бен ма йойла аьллехь а.  


Де хьалха оццу онлайн кепехь кхел йина «Массо а гIезалойн юкъараллин центран» куьйгалхочунна Закиева Фаритина тIехь а – стохка протестан гулам хIотторна цунна тоьхна 10 эзар сом гIуда. Къоман мотт а, пачхьалкхалла а хIаллакдеш хиларна, бусалбанаш Iедало хьийзорна дуьхьал хIоттийна бара цунна таIзаре берзийна барам.


«Кху пачхьалкхах хIума дуьсур а ма дац!»

«Iедал карадеъа-деанчо шен-шена констуци хьуйцуш хилча, иза хIун конституци ю. Кху пачхьалкхах хIума дуьсур а ма дац!» Путинан ду и дешнаш, зама хьалха цо аьлла. Кхеланна тоам хилла Шоетовас, цуьнгара зулам даьлла бохучу дийнахь, пикетехь лаьттачу шен накъосте плакат дIалуш гина теш валарх. Ткъа йоI къера ю шегара даьллачунна – цо хIинца а боху Путина лелориг харцо ю.


 


 


 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *