Урамашкахь лазаре микробаш молханашца яйар долийна Соьлж-ГIалахь
![Урамашкахь лазаре микробаш молханашца яйар долийна Соьлж-ГIалахь](https://gdb.rferl.org/16BF89D1-FF45-4ACE-AEFE-0738FB8408C6_w800_h450.jpg)
Урамашкахь а, царна уллерчу территорина тIехь а лазаре микробаш молханашца яйар долийна Соьлж-ГIалахь. Оцу гIуллакхана юкъаозийна ю 19 машен.
И болх муха дIабоьду хьажа ваханчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцарехь, молханаш тухучу нахана гIо деш бу ницкъаллин структурийн белхахой, шайна юкъахь Росгвардин эскархой а болуш.
Соьлж-ГIалан мэр волчу Хаджимурадов Iийсас бинчу хаамца, урамашна молханаш тохар дIахьура ду хIора денна, догIа доьлху денош бен юкъах ца довлуьйтуш.